ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Индонезехь мохкбегийна белларш кхи а тIекхетта


Индонезехь мохкбегийна беллачу нехан терахь кхааридийнахь 131-нне хьаладаьлла. Меттигерчу Iедалхойн хаамашна тIе а тевжина, бина и хаам Франс-Пресс агенталло.

6, 9 магнитуда йолуш мохкбегийра Ломбок гIайре тIехь. Дохийна хIусамийн тхевнаш, дIаяьлла ток, херцаршлахь белла дуккхахболу нах. Луларчу Бали гIайрехь а хаабелла мохкбегор.

Кхечу пачхьалкхашкар оьхучу туристех буьзна хуьлу Ломбок гIайре. Ростуризман зерашца, Iаламан бохамна гергахь ву карарчу хенахь Оьрсийчуьра вахана 5 эзар гергга турист а.

Нах кIелхьарабохуш, белхаш беш бу цигахь орцанхоша, амма уьш тешна бу, белларш кхи а алсам хир бу аьлла.

КIошташка боьлху некъаш, тIайш дохийна хиларна гIо кхачо аьтто бац Iедалхойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG