ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь кхел йийр ю Басаевн агIончийн


Дагестанехь теллина а даьлла, кхеле дIакхачийна Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашкахь лаьттинчу Даутов Маратан а, Мухатдинов Дамиран а, Аджибрагимов Русланан а, Бакиев Батырбекан а гIуллакх. Уьш бехкебо герзашца тIелетарш дарна а, бунт гIатторна а, полисхошна кIелонаш ярна а.

Дагестанерчу Ботлихан кIоштахь конституцин къепе латточу оьрсийн эскархошна 1999-чу шарахь тIелатарш дина хилла цара. Вийра хIетахь 33 стаг, 34-нна кеп-кепара чевнаш йира.

Накануне.RU хьостано хаамбарца, шинаридийнахь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело белла дIабовллалц чохь яккха хенаш кхайкхийра 1999-чу шарахь Басаевца цхьана Оьрсийчоьнан эскархошна дуьхьла леттачу шина тIемалочунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG