ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн кхелехь тешаш тIе ца тоьа


Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюба дов хоттучехь виъ теш ву, бисинарш довзуьйтуш доцчу бахьанашца ца баьхкина, хаамбина кхелехь секретаро. Маршо Радионо ма-яздарра, Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна ву Титиев Аюб, марихуана яьккхина цуьнгара аьлла. Титиевс а, цуьнан коллегаша бакъ ца йо и верси, наркотикаш цунна кхийсина ю аьлла цара.

Кхааридийнахь кхелан кхеташоне баьхкинера бакъонашларъяран центран Кхеташонан куьйгалхо Черкасов Александр а, Москохарчу Human Rights Watch бюрон хьалханча Локшина Татьяна а, "Новая газетан" журналист Милашина Елена.

Иштта кхеле баьхкина Москохарчу немцойн векалтан белхахо Ольберг Ларс а, Францин векалтера Дюпон Натали а, Евробертан Оьрсийчуьра векал Попсил Томаш а, Amnesty International организацин талламаш бечу декъан директор Нействит Анна а, яздо "Кавказан узел" агенталло.

Мехкан куьйгалхочун цIарца кхоьллинчу Кхеташонан куьйгалхо Алиев Тимур а, Юкъараллан Палатан хьалханча Солтаев Мовсар а вара кхелехь дакъалоцуш.

Титиев Аюбан адвокаташ Заикин Петр а, Дубровина Марина а бара суьдехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG