ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Санитаран хьелаш ледара а карийна, дIакъевлина Соьлжа-ГIалара "Шаурма"


Соьлжа-ГIалара "Шаурма" кхачан хIусам дIакъевлина кхелан пурстоьпаша. Хьалхо цу чохь санитаран - эпидемологин хьелаш теллинчу Роспотребнадзоран векалшна гучудаьллера, белхахоша шаьш еш, юхкучу фастфудашца чуоьхучийн могушаллина кхерам бохьуш хилар.

Административан протокол а хIоттийна, гIуллакх кхеле кхи дIа листа дIакховдийна Роспортеднадзоро.

Бутт хьалха пурстоьпаша мухIар таIийна, дIакъевлира "Шаурма" кхачан чоь кхаа баттана, кхачамбацарш дIанисдан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG