ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Халкъан сий" я могIарера стаг вийнарг? Темерханов Юсупах социалан машанашкахь дуьйцург


ДIадаханчу кIиранах колонехь кхелхира нохчо Темерханов Юсуп. Иза колонехь хан токхуш вара Буданов Юрий верна (и стаг, дагадоуьйту, цул хьалха кхел йина набахтехь Iийна вара нохчийн йоI Кунгаева Эльза ерна).

Вуьшта, социалан машанашкахь коьрта хилам Темерханов валар бацара, коьрта дара иза кхалхар Нохчийчохь адамаша тIеэцар. Темерханов валарх лаьцна хаам кхаьчна дукха хан ялале дуьххьара бIеннаш тIаккха эзарнаш адамаш гулдала дуьйладелира иза ваьхначу эвлахь, дуккха а адамо дакъалоцуш манифасти а хIоттош, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Кутаев Руслан:

ХIинца хала ду ала, иза бехке вара я вацара. Цуьнан адвокаташа, ма-дарра аьлча, гайтира иза бехке ца хилар. Амма, цхьана а хIуманах доьзна доцуш, ИЗА къонах стаг вара, иза масала ду, шен сийца юкъаметтиг лело дагахь волчу ХIОРАННА а!

Муртазалиева Зараъ:

Юсупан дакъа иза винчу эвла цIа а кхачадале, ерриг а Нохчийчуьра а, луларчу республикашкара а адамаш, шайна халахетар хаийта а, цуьнан нанна а, гергарчарна а, юххерчарна а баркалла ала а тIедуьйладелира ТемерхановгIар бехачу хIусаме. Суна ца хаьа Юсупа Буданов Юрий вийна я ца вийна, ша Юсупа тIе ца лецира иза, шена тIехь Iазап латтийча а.

Амма иза вара и стаг верна чувоьллинарг,

Цунна бинера ницкъ,

Цуьнан дегIехула чекхйехира ток,

Юсупан коьртах тоьрмиг а буллий, садукъадора, Юсуп хьажийра Омскерчу изоляторе,

Юсуп ву оцу системо хIаллаквинарг,

Юсуп ву шина нохчийн тIеман кийрара схьатоьхна йилбазмохь, дерриг а нохчийн къоман цхьа а хIума а диц дина цахилар, цхьа а стаг вицвина цахилар рогIера дагадаийтар.

Юсуп вара хIаллакъхилларг а, ткъа оццу хенахь, Кунгаева Эльзин а, ткъа иштта и санна цкъа а кошера гIовттур боцучу, тешаш хилалур боцчу нехан сий дайа гIортарна бекхам бинарг а.

Юсуп хилира, цхьа а кхайкхам а боцуш, бина барт а боцуш, адам тезета деана стаг…

Юсуп кхалхаро тайп-тайпана ойланаш кхоьллина сан дагчохь. Иштта ваша хиларна куралла, цуьнан къонахаллах йоккхаер, иза доьналла долуш чекхваларна дог реза хилар, цIа яхна Юсупан Нана мархьарчо лаар.

Цкъа а ма хуьлийла вайн Даймахкахь цу тайпачу кIентийн къоьлла.

Минцаев Азамат:

ХIара нах Нохчийн Республикан а, ГIалгIайн Республикан а, Дагестанан а, массо а маьIIера КЧР-ра, КБР-ра а, ерриг а Кавказера Темерханов Юсупан да-нана ган боьлхуш бу, цу шинга кадам бан! Цуьнан ахча а дацара, куьйгалла дечохь хилла а вацара иза, иза сий а, хазна а дара халкъан. Цу къанта ша маьрша хилар а, шен могушалла а, шен дахар а дIаделира…#Къомансий #ЧестьНарода

Руслан Юсупов:

Не хватило мне слов, и сейчас не хватает.
Только вот разрывается в клочья душа.
Кто сегодня о смерти такой не мечтает,
В своих мыслях никчёмные будни круша?!

Своим подвигом, Юсуп, ты взвился над нами.
Ты нас всех своей смертью встряхнул, разбудил.
И явилось признание под небесами,
И останется в наших сердцах: «Отомстил!»

Мы теперь в неоплатном долгу пред тобою
И ответственны вдвое за поступь свою.
Для возмездия, брат, ты был избран судьбою
И погиб как герой ты в неравном бою.

Дадаев Асланбек:

Со тешна ву, цу процессина юкъахь Iедалхой а, церан дуьхьалончаш а цхьаьна хилла хиларх. Уьш цига цхьаммо а ца хьажийнера, (тезета баьхкинчу нехан) терахь доккха ду аьлла сурт хIотто.

Мазаева Милана:

Ма харцо ю иза бохург кхоьртара ца далара суна, буданов вийна аьлла хезча. Суна хетара, хIинций-хIинций ша воь-кх бохуш, еххачу хенахь кхерамехь балахьоьгуш вахар ду аьлла цунна догIура. Суна лаара иза самавуьйлила жимма а шах-ших хезча, некъа воьдуш (са дахьарца) дӀасахьоьжийла… Вайнаш массо а хазахетта бара иза вийча, вовше декъалбеш бара нах, нийсо толарна, ткъа ас ойла йора, хIинца а ю сан и ойла, вай тиларшка бахийтира, вай лайнарг хIун ду ца хууш болу нах.

Царна моттара буданов цхьа во хIума дарна бекхам бина стаг ву. Ткъа мел бу уьш и тайпа будановгIар.

Шевченко Максим:

Дала геч дойла Юсупана къематан дийнахь!

Езикян Григорий:

«Нохчийн къонах» – и ши дош деша аьтто бу нохчаша социалан машанашкахь дитинчу йозанашна юкъахь. Иза, ма дарра аьлча, вуно лакхара юкъараллан турпалхо вазвар ду, сий долуш гIуллакх дарна. Оцу тайпа дерриг халкъо ларам бина стаг вац дIабаханчу а, хIинца бехачу а нохчашна юкъахь.

Мусаев Мурад:

Дала ял лойла тезета баьхинчарна а, Юсуп-Хьаьжех лаьцна дика дош аьллачарна а, яздчарна а я иза дагалоцуш таппа аьлла ойла еш Iийначарна а, башхалла доцуш юьстах ца бисинчу нахана массарна а.

Дела гуш ву, Юсуп ларам бан безаш стаг хилар, и хакъ долуш ву вай делха, ткъа цунна шу дезара – шен халкъ – шуна ша ма веззара чIогIа...

… Со гIорасиз хилира, Темерханов Юсуп-Хьаьжин бехктакхаман гIуллакх луьстуш, сайна къинтIера ца валало со. Амма кхин а вон эшна цунна бохам бан гIиртина нах.

Юсуп тоьлла, иза хIинца маьрша ву.

Греф Адам:

Темерханов Юсуп-Хьаьжин тезета кхача нах, шайн машенаш луларчу ярташкахь а юьтуш, кхин дIаоьху гIаш. Нохчийн халкъан турпалхочуьнан тIаьххьара Iо дика ян адамаш Нохчийчу оьхуш ду ерриг а Кавказера, Москохара, кхечу Оьрсийчуьрчу гIаланашкара, Европера, Туркоьйчуьра. Дуккха а шерашкахь "Ичкери а, Кавказ а" караерзорах лаьцна, миллиардашкахь ахча а дойуш, йина Путинан пропаганда, йоьхийна цхьана стеган Iожалло.

........
Ахь ала: "Бакъдерг деана, харцдерг дIадаьлла, баккъалла а харцдерг дIадолуш хилла. КъурIан.

Дуккха а бу хиллачо, иштта чIогIа юй-те Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а уьйраш аьлла, шеко кхоллийтинарш.

Синяков Александр:

Ткъа кхин хIун тоьшаллаш оьшу, цхьа а "Оьрсийчоьнан дуккха а къаьмнех лаьтта халкъ" ца хиларан"? Хир а дац иза.

Шендерович Виктор:

Дерриг а, Нохчийчоь Оьрсийчоьнна юкъахь ю бохучух шуна хаа лууш хилларг.

Холмогорова Наталья:

Нохчийн блоггерша, хьул а ца деш, хестош ву Темерханов, массара а яздо халкъан дуьхьа шен дахар дIаделла волу "иза турпалхо" а, "къоман сий а, къоман хазна" хилар. Iедалша иза тидаме ца оьцу – гарехь, цара иза кхетарца тIеоьцу. Цо вуно чIогIа Iаткъам бо.

Оьрсийчоьнан официозо "Нохчийчоь Оьрсийчоьнан дакъа хилла дуккха а хан ю, ерриг а проблемаш дIаевлла" бохуш дуьйцучу хенахь, шаьш нохчашна, и реакци тидаме эцча, аьттехьа а биц ца белла тIом, церан хьалха санна цабезам бу, бекхам бан лаам а бу. Ткъа нийсо муха толийта еза бохург хьокъехь царна хетарг къаьсташ ду оьрсашна хетачух а, цивилизацин олучу дуьненна хетачух а.

И хилла ца Iаш: реза цахиларх дIакхеташ бу ерриг а Къилбаседа Кавказера исламистийн а, оьрсашна духьал болу а ницкъаш. Кхузахь хаттар хенаца доьзна ду, цигара хьал эккхар долчу.

Sputnik & Pogrom:

Тахана (Буданов верна бехке вина хилар а бен кхин гIараваьлла воцучу) Темерхановн ма дарра долуш Ӏаламат йоккха оьрсашна духьал манифестаци хилла: оьрсийн турпалхо гвардин полковник Буданов вийначу стеган эвла йоьдуш ю чакхе йоцучу машенийн ковр. Тезетахь хилла Кадыров Рамзан, ткъа инстаграмехь кадам бина (даже столь любимый чернильниками и чернильницами) Нурмагомедов Хьабиба а.

Хьовса, оьрсий, тезетахь яьккхинчу видеого, чакхе йоцуш тIеоьхуш нохчий а болуш, тIаьхьакхиа гIорта кхета дукха аттадолчунна: бац цхьа а "дуккха а къамнех лаьтта оьрсийчоьнахой", бацара уьш хьалха а, цкъа а хир а бац.

ШолгIачу ойланна тIаьхьакхиа а гIорта: оьрсийн гвардин полковник вийначу стеган тезета халахетта тобанаш вовшахкхетачу пачхьалкхан цIе Оьрсийоь хуьлийла дац, забаренна а…

…Шу дехаш ду, оьрсий, дуккха а къамнийн оккупацин кIеллахь. Сатесна ву, видео шуна тайна хиларе.

Сокирянская Екатерина:

Тахана доттагIийн лентехь (фейсбукехь) дуккха а посташ ю Темерханов Юсупах лаьцна. Кху тайпачу деношкахь кхета хьо, лазам мел кIорга бу а, хердалар мел чIогIа дисина ду а бохучух. Погонаш лелочу зуламхошна таIзар дина дац (кхечарга хьажча Будановна кхел а йина, деррг цо дина зуламаш тидаме а оьцуш ца воьллина а, дукха кIеда таIзар деш а чувоьллина хиллехь а). Цундела, шен лаамехь кхел йина, стаг вийнарг тIеоьцуш ву, цкъа а бистхуьлур боцучу кхелхийнчу эзарний сий лардина турпалхо санна. Ткъа иза Iаламат кхераме ду. Подар-басар дина Оьрсийчоьнан а, нохчийн а юкъаметтигаш, дерг дийцича, тIом дIабрзинчу тIегIанехь уьш ма хиллара юьсуш ю. ХIа-хIа, кхин а вон ю, тахана Нохчийчохь хуьлург тидаме эцча. Дов дIадерзор цхьаммо а дола а ца дина, маслаIат а, нийсо а хьалха а яцара, хIинца а йоцуш ю. И бахьана долуш, бакъду, наггахь, кхерам эккха.

Цхьаболчарна, мухха далахь а, Буданов турпалхо вуьсш ву.

Цыганова Любовь:

2011-чу шеран Мангал-беттан 10-чу дийнахь ямарта вийра Оьрсийчоьнан турпалхо, Буданов Юрий, цхьанге а кагвелла воцу, я тIаме а, я набахте а. Чинах вохийна волу, харц цIе кхоьллина вара иза Оьрсийн къоман ясакх тIейоьжийначу пачхьалкхан даржаш дIалаьцнарна тамана. Гоне лаьцна, амма эша ца вина!

Делахь а Темерханов Юсуп вазвар а лортIехь ца хета цхьаболчарна.

Дюков Александр:

Набахтан дарбанан хIусамехь велла Буданов вийна Темерханов Юсуп. Ерриг а Нохчийчуьра а, Кавказерчу кхечу республикашкара а бIеннаш адамаш гулделлера Темерхановн дай бехачу юьрта, цуьнан дега-нене кадам бан. Нохчийчуьрчу Iедалша новкъарло ца йо царна.

Тамашийна хир дара иза иштта хир дац аьлча, нохчийн йоI ерна чувоьллина, чинах вохийна Буданов эскархочуьнан санна сий а деш, дIавоьллинчул тIаьхьа. ТIехула тIе, бакъо а йоцуш, Будановн сий деш Москох хIоттийна болу дагалецаман тIулг хIинца а болуш бу. Ткъа цу тIехь яздина дац цо динчу зуламех лаьцна хIумма а. Веллачул тIаьхьа зулам дина Темерханов вазвар куьзганан реакци ю зулам дина Буданов вазваран.

Кадыров Рамзана а хаийтира Темерханов кхалхарх лаьцна шена хетарг. Цуьнан комментарий еша аьтто бу цуьнан Телеграмехь:

​ДIабирзи Темерханов Юсупан дахаран некъ. Иза кхелхина Марсхьокху-беттан (Август) 3-чу дийнахь, полковник хилла Буданов Юрий верна бехке варна хан токхуш хиллачу Омскерчу колонехь. Суьдан процесс еха яра. Темерханов Юсупа тIе ца лацара ша бехке хилар. Кхелехь, тIаьххьара дош олуш, цо дIахьедар дира, иза воьчу хенахь ша Комсомольски проспектехь а вацара, Будановна герз а ца туьйхира ша аьлла.

Цо кхайкхам бира бехккъасторхошка "шайгахь долчу эхьалле а хьожуш" сацам бе аьлла. Амма Темерхановна хан тохаро, иза чуволларо нохчийн халкъан а, кхечу регионашкару миллионийн жимачу нехан а бIаргашкахь цунах вира Кунгаева Эльза хьийзийна а, иза йийна а волчу Буданов Юрийна бекхам бинарг.

ХIора Нохчийчуьрчу вахархочо Эльза ер тIеийцира ша сийсазвар санна. Темерханов Юсуп велла аьлла хаам баьржина хьалхарчу сахьташкахь дуьйна иза ваьхначу юьрта Нохчийчоьнан ерриг а меттигашкара а, кхечу регионашкара а кадам бан эзарнаш бахархой схьаоьхуш хиларан бахьана ду иза.

Адамаш гIаш беха некъ бо Гелдаган эвлан йистера юккъерчу маьждиге кхаччалц, машенахь тIе бахка аьтто ца хиларна.

Шотдийнахь, сайн хьоме ВЕЖАРШЦА - Нохчийчоьнан муфтица Межиев Салахь-Хьаьжица а, Госдуман депутатца Делимханов Адамца а, Парламентан гIантдеца Даудов Мохьмадца а, хьалхарчу вице-премьерца Тумхаджиев Iийсаца а, кхечарца а тезетахь хилира со Гелдаганахь. Оха кадам бира Темерханов Юсупан гергарчарга а, юххерчарга а.

Хала хеташ делахь а, кхелан гIалаташ хуьлуш ду дерриг а дуьнентIехь. Темерханов Юсуп веккъа ша цхьаъ хилла Iаш вац, цу адамалла доцу халонах чекхваьлларг. Цуьнца цхьаьна цо лардира сий а, къонахалла а, шегахь ницкъ а, лаам а карийна нехан бехк шена тIе ца лаца, ша динарг дина аьлла къера ца хила. Делахь а, суьдо иза бехке веш сацам барна, Темерханов Юсупна иза лууш ца хиллехь а, турпалхо вира цунах, нохчийн йоI - Оьрсийчоьнан махкахо Кунгаева Эльза - хьийзорна бекхам бина волу.

Иштта иза даима а дагчохь вуьсур ву халкъан иэсехь, нагахь суьдан сацам хенан йохалла харц ларахь а!

Ткъа Буданов Юрий, Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн инарлин штабан куьйгалхочо Квашнин Анатолийс аьлла ма хиллара, "бандит вара, маьршачу бахархошна, эскаран коллективера орамашца бухаяккха езаш йолу боьха хIума яра".

Везавоккхачо кху дуьненчохь хIоранна а некъ битина шен харжам бан. Цхьаъ веха, даиман а халкъан иэсехь виса Iалашонца, вукхо бехйо шен цабаделлац​.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG