Оьрсийчуьрчу набахтехь мацалла кхайкхийначу украинхойн режиссеран Сенцов Олеган йишас Каплан Натальяс, шен вешигахь вуон хьал ду аьлла, хаамбина. 87-гIа де ду цо юучух бат тоханза. Цо бахарехь, шен адвокатехула кехат даийтина цуьнга вашас, ша "гIатталуш вац", "хан герга кхочуш ю" шен аьлла. ХIетте а Сенцов дуьхьал ву дарбан цIийне дехьаваккхийта ша, цо бахарехь набахтехьчул а "алсам ницкъ бо" цунна тIехь лазартнехь. Сенцовс ишта дIахаийтина, шега цхьа а кехат схьакхачош цахиларх а, информацин вакуумехь ша латтош хиларх.
"Со кхеташ яц, кхи хIун дан деза, иза муха араваккха веза набахтера. Ледара хьал ду", - аьлла Сенцовн йишас.
Аннекси йинчу ГIирмехь теракташ дан Iалашо хилла аьлла, бехкевина, Оьрсийчоьнан кхело набахтехь даккха 20 шо тоьхна украинхойн режиссерна Сенцов Олегна.
Ша бехкехилар тIе ца дуьту Сенцовс. Стигалкъекъа-беттан 14-чохь дуьйна мацалла кхайкхийна цо, оьрсийн набахтешкара Украинан политикан тутмакхаш маьршабахар тIе а дожош.
Де дийне гIеллуш ву иза, масийттазза дIакхайкхийра цо, мацалла юкъахйоккхур яц ша тIаьххьалц бохуш.