ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дадаевс юкъахъяьккхина ша кхайкхийна хилла мацаллин протест


Дадаев Заур
Дадаев Заур

Оппозиционер Немцов Борис вийна аьлла, набахтехь бехк токху Дадаев Заур гIуда тоьхначу изоляторчуьра (ШИЗО) араваьккхина, ша кхайкхийна мацалла юха а яьккхина цо аьлла, хаамбо цуьнан адвокато Магомедова Розас. "Кавказан узел" агенталло хаамбира, Дадаевн адвокато бахарехь, бехк боцуш ша гIуда тухучу изолятор чу воьллича, протест еш мацалла кхайкхина хиларх тутмакхо. ТаIзарш кхочушдаран системан федералан урхалло (ФСИН) бакъ ца дира Дадаевс мацалла кхайкхор.

Стохка аьхка Москохарчу тIеман кхело Немцов Брис веран гIуллакх теллинчул тIаьхьа 11 шарера 20 шаре гергга хенаш кхайкхийра Дадаев Заурна а, Губашев Анзорна а, Шагидна а, Эскерханов Тамерланна а, Бахаев Хьамзатна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG