ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Могуш доцуш школе, я берийн беша далийна бер тIеоьцур дац кху шарахь


Дешаран шо доладелча дуьйна Оьрсийчоьнан школашкахь а, берийн бошмашкахь а Iуьйранна шайга кхачийначу берашна тIехь лерина Iуналла латтор долуш ду хьехархоша. Пачхьалкхан коьрта санитаран лоьро Попова Аннас бинчу сацамна тIе а тевжина, яздо "Известия" газетано цунах еаридийнахь.

Берашна тIехь таллам а беш, нагахь могуш цахиларан билгало цуьнгахь хаалахь, уьш шайн цIа дIадохуьйтур долуш ду тIейогIучу хенахь.

Вирусан жигаралла къаьсттина марсайолучу гуьйренан а, Iаьнан а муьрехь дIахьур йолуш ю и юкъайоккху процедура, инфекци ца яржийтархьама.

Цу кепара фильтраци лелош ю хIинцале а масех доьшийлашкахь, цо дика жамIаш а гайтина аьлла, дийцина газете иммунобиологин препараташ кхуллучу талламийн Iилман Федералан центран белхахочо Гамбарян Александра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG