Генарчу Малхбалерчу вахархочунна Нохчийчохь шен 11 ваша а, йиша а карийна. 49 шо долу Абубакаров ИбрехIим доллучу дахарехь шен да лоьхуш хилла. Нанас юьйцуш ца хилла цуьнга шен къайле. Эххар а хиина цунна, шен да итт шо хьалха веллийла. Делахь а гучудаьлла цунна, шен 11 ваша а, йиша а хилар.
Цаьрца зIе тесна масех бутт баьллачул тIаьхьа, Амуран кIоштара Соьлжа-ГIала кхаьчна ИбрехIим шен нахаца цхьанакхета. Шен гергарчаьрца бутт хан яккха Iалашо ю Абубакаровн.
Иштта къаьстина, Абубакаровн Оьрсийчохь кхин цхьа ваша хилар а, кIира даьлча Нохчийчу вогIур ву иза а.