Кхин а масех Оьрсийчоьнан вахархо шаьш дIалацарх хаамбина Iамеркан Федералан Талламан Бюрос (ФБР) оьрсийн дипломатин миссига. Оьрсийчоьнан Нью-Йоркерчу инарла колсулаллан пресс-секретаран хаамех пайда а оьцуш, хаамбина цунах "Новости" хьосто.
ТАСС агенталлан информацица, кхо оьрси ву Iамеркехь сацийна, интернетехь зуламаш лелорна. Кхечу хьосташа цкъачунна и хаам тIечIагIбаза бу.
Хьалхо Iамеркехь Оьрсийчуьра виъ вахархо дIалаьцнера. Машенаш юхкуш ду шаьш бохуш, харцонца хIилланаш лелор дара царна дуьхьал даьккхинарг. И гIуллакх бахьанехь лебеш ву ишта Азербайджанера а, Гуьржийчуьра а, Казахстанера а, Латвера а, Туркойчуьра а бахархой.
Хетарехь, оцу бехкашца лецна буьйцу нах.