ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь а цхьана лоьхуш ю Дагестанехь яйна йоI


Байначу беттан 29-чохь Дагестанехь яйна 8 шо долу Омарова Калимат лоьхуш ю полисхоша а, волонтераша а. Луларчу туькана бепиг эца араяьллачуьра яйна ю и йоI.

Каспийскера "Лиза Алерт" тобан волонтераша дийцина "Къилбаседа Кавказера комсомолан бакъдерг" ("Комсомольская правда на Северном Кавказе") газетане, щайн лаамехь арабевллачу меттигерчу бахархоша а, жигархоша а боккха болх бина хиларх – массо а петарш чухула, тхевнаштIехула лехарх яйнарг.

Лехамаш дIахьочу белхан координаторо Будагов Тимура бахарехь, Калимат чуьра араяьллачул тIаьхьа цо мел баьккхина ког секундашкахь вовшахтоха аьтто хилла церан.

"Тхайна хаа таро хилларг оха полисхошка дIакхачийна", - аьлла цо.

Газетано яздарехь, яйна йоI Дагестанехь лехна ца Iаш, лоьхуш ю Нохчийчохь а, Ставрополан а, Краснодаран а кIошташкахь а.

Нохчийчохь дIасаелла йоIах массо а кепара информаци, ишта кхечу регионашкарчу полисхоша шайга а кхачае аьлла.

Калимат ярах кхо верси ю талламчийн, амма талламашна новкъарло ца хилийтархьама, йийцарееш яц уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG