ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дудуркаева дIалацарх шайга цахаийтарна бехк баьккхина оьрсийн векалто туркошкара


Истанбулерчу Оьрсийчоьнан инарла консулалло Туркойчоьнан Iедалшка дехар дина, даIишхошца уьйрашкахь хилла аьлла, бехкеен Дудуркаева Седа дIалацарх информаци шайга дIакхачае аьлла. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан тIеман министр лаьттинчу Аш-Шишани Iумарх (Батирашвили Тархан) йисина ю Дудуркаева. 2016-чу шарахь вийра иза. Байначу баттахь Истанбулехь антитерроран операци дIахьочу хенахь лецира Дудуркаева.

Нохчийчохь миграцин урхаллан (УФМС) хиллачу куьйгалхочун Дудуркаев Fсун йоI ю иза. 2013-чу шеран гурахь, йоI Шема дIаяхначул тIаьхьа мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана даржах мукъаваьккхира иза.

"Оьрсийчоьнан яхархо дIалаьцна аьлла, туркойн зорбанаша Iорадаьккхича, Оьрсийчоьнан инарла консулалло официалан кехат дахьийтира Туркойчоьнан Iедалшка, иза дIалацарх информаци ло шайна аьлла". "Керланаш" агенталло яздо цунах, Хонкарарчу векалтан пресс-атташес Касимова Иринас бина и хаам аьлла.

Цо иштта тIечIагIдо, туркойн агIоно "шина пачхьалкхана юкъахь лела консулан конвенци йохийна", оцу инцидентах шайга цахаийтарца аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG