Ижевскерчу "Татар Базар" микрорайонан бахархоша ханна гIалин мэран декхарш кхочушдечу Задорожный Сергейга дехар дина, Крачинан а, Нагорная а олучу шина урамна Кадыровн а, Сигал Стивенан а цIераш тахкахьара аьлла. 50 стага куьгяздина цу кехатна, яздо "Реальное время" хьостано.
Бахархошна хетарехь, урамийн цIераш хийцаро Кадыровн а, Сигалан а терго тIе а ерзийна, меттигерчу нахана гIо дийр ду "низамаш дохош, цаьрца харцо ца лелаяйта".
"Хууш ма-хиллара, Нохчийчохь терроризм эшийна Кадыровс, ткъа Сигала Голливудан филмашкахь терроризмах дукхазза кIелхьарадаьккхина дуьне", - яздо кехатан авторша. Дийцарехь, гIалин администраце кехат дIакхачийна цара.
Дукхазза тIекIелдина цIенош хьаладуттуш ду лаьттахь хIусамаш йолчу бахархошна гергахь. Цара аьрзнаш до, даим гIовгIанехь, ченалахь, нехашлахь шаьш Iан дезаш хиларна.
Кху Iай беран гIудалкх лаьттачу меттигехь дечиган дукъо доьжнера, дуьйцу бахархоша, цу чохь бер цахиларна, зулам ца хиллера аьлла.