ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусин доза хадош лаьцна нохчо


Дахначу пIераскандийнахь Беларусин Брацлавскан кIоштахь оперативан информацица дозанхоша дIалаьцна Оьрсийчоьнан вахархо. Пачхьалкхан дозанхойн комитето бина и хаам. Нохчийчуьра схьаваьлла 40 шо долу вахархо хиллера Беларусин Латвица долчу дозанехула чекхвала гIерташ.

Шен дахаран хьелаш тодан Iалашонца гIертара ша кхечу пачхьалкхе дехьавала аьлла лаьцначо, бахьанаш зийча. Лелачу низамашца, иза декхаре вийр ву гIуда такха, цул совнах депортаци а йийр ю цунна, иштта доьхкур ду 5 шарна оцу пачхьалкхе ван а.

XS
SM
MD
LG