ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Versace кхаьчна нохчо


Дулатов Ислам
Дулатов Ислам

Парижехь божарийн духарш гойтучу модан барамехь уггар а тIаьхьало йолчу моделийн тептаре ваьлла Нохчийчуьра вахархо Дулатов Ислам

Шина кастинг-директоро Деркан Шеллис а (Loewe, Salvatore Ferragamo, Issey Miyake), Брокау Эшлис а (Vogue, Prada, Louis Vuitton, JW Anderson) гучудаьккхина шайн уггаре а керлачех бевллачу перспективе моделийн хIоттийна тептар. Цу юкъахь ву Дулатов Ислам а.

Нохчийчохь вина ву иза. 2007-чу шарахь Германи дехьавелира иза шен доьзалца.

Дулатов Ислам
Дулатов Ислам

19 шо ду Исламан. Ишта ийначу летаршкахь а гайтина цо ша. Инстаграмехь карийнера Ислам моделан агенталлана.

Миланехь эксклюзиве духарш гайта Iалашонца Versace модан цIийно контракт дина Дулатовца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG