ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депутатан Слуцкийн йоьIан цIартIехь 140 миллион сом доьху цIенош хааделла "Новая газетана"


Думера депутат Слуцкий Леонид
Думера депутат Слуцкий Леонид

Пачхьалкхан Думан депутатан йоьIан Иринин долахь Москохна гергарчу "Миллениум парк" кIоштахь цIа ду, куьце даладале 140 миллион сом мах болуш. Росреестра-н зерашна тIе а тевжина, "Новая газетано" бина и хаам. Хьостан информацица, 2014-чу шарахь шен 23 шо долчу заманчохь Слуцкая Иринас эцна 600 еакIов майда дIалаьцна гIишло ю юьйцург. Harperʼs Bazaar журналан коьртачу редакторан ассистент яра иза цу хенахь.

Газетано билгалдаккхарца, деклораци тIехь Слуцкийс 2015-чу шарахь даьккхина пхиъ ах миллион сом, аьлча а, хIора баттахь 458 эзар сом. Цу мехах хIусам эца депутатна дезар дара 25 шо. Шега телефонаш еттарх а, жоп ца делла Слуцкий Леонида, иштта тергамза дитина, цуьнан пресс-секретарехула дахьийтина хеттарш а. Дуьхьало йира "Новая газетаца" къамел дан депутатан йоIа Иринас а.

Хьалхо коррупцица къийсам латточу Навальный Алексейн фондана (ФБК) хааделлера, иттех шерачохь Слуцкийс Рублевкера шен долара гектар латта деклараци тIехь хьахош цахиларх. Депутатан декхарш хенал а хаьалха охьадахкар тIедожадора оцу кхачамбацаро. Амма хуьлучу пайдех бечу хаамашна тIехь терго латточу Думан комиссин куьйгалхочо Поклонская Натальяс "техникан гIалат" лерира иза.

Цул совнах, ФБК-с чIагIдарца, депутатан хIусамненан цIартIехь а хилла 400 миллион сом мах болу пентхаус. Москохарчу "Кутузовн ривьера" олучу тоьллачу комплексехь ю цуьнан 562 еакIов метар йолу петар.

Цу кепара хIусам эца Слуцкийна 100 шо оьшу аьлла фондехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG