ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан цIарах дзюдон центр йоьллур ю Соьлжа-гIалахь


Соьлжа-ГIалахь йина йолуш лаьтта ши шо хьалха йолийна Путин Владимиран цIарах дзюдон центр.

Карарчу заманахь корпус хьалайоьттина бовлуш лаьтта белхалой, цул тIаьхьа гIишлон чоьнаш куьце а ялийна, гIирс дIахIоттийчхьана довлу аьлла, хаамбина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "ВКонтактерчу" агIонехь.

Ши шо хьалха дуьххьара тIулг буьллуш хIоттийначу бараме веанчу мехкан куьйгалхчоо дIахьедира, пачхьалкхехь а уггар тоьллачех хир йолуш ю комплекс, дуьненаюкъарчу стандарташца юста а йиш йолуш, аьлла.

XS
SM
MD
LG