ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хазбиев Мохьмад ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь кандидат хьалхатеттина


ГIалгIайн оппозиционер Хазбиев Мохьмад

Хазбиев Мохьмадан кхел йоьдучу юкъанна, ГIалгIайчуьрчу шина тобано Оьрсийчоьнан президенте кхайкхамбина, оппозиционер регионан урхалле хIоттавар доьхуш. Социлан машанашкахь шеконашца тIеэцна и хаам.

Маршо Радионо хаамбарца, кху шеран Дечкен-баттахь дуьйна лаьцна ву Хазбиев Мохьмад, бакъо йоцуш герз лелорна а, Iедалхойн сийсазбарна а аьлла, бехке вина. ТIаьхьо социалан тобанашкахь гамо, цабезам гIаттийна цо аьлла, кхин цхьа бехк а хьарчийра цунах. Адвокаташа дийцарехь, Хазбиевс бехкаш тIе ца дитина, шена дуьхьал долийна гIуллакх политикан бух тIехь ду аьлла, дIахьедо оппозиционеро.

Байначу беттан 9-чохь 50 гергга инициативан тобанхоша ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун харжамашка кандидат хьалхатеттина Хазбиев Мохьмад, даредо юристо Хаутиев Багаудина. Цо бахарехь, оцу тобан юкъахь бу доккхачу декъанна, юкъараллийн организацийн векалш а, "Репрессеш лайначу къаьмнийн Союз", "Шун бакъо", "Кегийрхойн организацийн Союз" боламаш а.

Хазбиев Мохьмад ГIалгIайчоьнан куьйгалле воьхуш куьйгъяздар вовшахтоьхнарг юкъаралхо, публицист Албаков - Мяршхи Руслан вара. Дахначу шинаридийнахь Фейсбукерчу шен пена тIехь Путин Владимире диллина кехат зорбане даьккхинера цо, мехкан урхалхо хоржучу хенахь, къоман лаам а тидаме эцар тIедожош. Албаков-Мяршхина хетарехь, цкъачунна Москохан а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун администрацин а реакци яц, делахь а публицист саготта ву, меттигерчу Iедало карзахе гIулчаш яхарна а, туьтмIаьжгаш йоьхна нах чулелхарна а.

Маса стага кехатна куьйгаш яздина, вовшахтоьхна дац шаьш, социалан машанахь йолу жигаралла тергалйича, 3000 сов стага куьйгаш таIийна ала тарло аьлла Албаков-Мяршхис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG