ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чатаевн гIоьнча лаьцна Гуьржийчохь


Полисхоша Шавадзе Руслан дIалаьцна аьлла, хаамбина Гуьржийчоьнан Пачхьалкхан Кхерамзаллан Урхалло (СГБ). Хьалхо 13 шо хан кхайкхийнера Шавадзена, цуьнан Чатаев Ахьмадан тобанца юкъарлонаш хилла аьлла.

Маршо Радионо яздарца, байначу беттан 27-чохь Тбилисин кхело оццу тобанца зIенаш латтийна аьлла, кхеле хIоттийначу 6 стагна 10 шарера 13 шаре кхаччалц хенаш туьйхира. Царех цхьаъ, Шавадзе Руслан лехамашка веллера.

Кхечу шиннан - Горнакашвили Зурабан а, Чапанашвили Бадуран а гIуллакх леринчу кепехь толлур долуш ду.

Нохчийчохь шолгIачу тIамехь лелла ву Чатаев Ахьмад. Европе дIавахначул тIаьхьа мухIажиран статус еллера цунна. ТIаьхьо "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобане кегийрхой уьйзуш, болх болийра цо, талламчаша дийцарехь. 2016-чу шарахь Истанбулерчу аэропортехь теракт дарна а бехке лору Чатаев.

Терроризмана агIо лаьцна аьлла, лоьхуш хилла Шавадзе Руслан каравахна дахначу еаридийнахь Батумехь аьлла, информаци яржийна пIераскандийнахь брифингехь СГБ-н пресс-секретаро Гиоргобиани Нинос.

Талламчийн версица, стохка гурахь Гуьржийчохь дIахьочу леринчу операцехь Чатаевс ша шена эккхийтар дира, къайлавала аьтто баьллера Шавадзе Русланан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG