Оьрсийчоьнан прокуратурано президентехула йолчу адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташоне хаамбина, ГIалгIайчуьрчу "Мемориал" офисна цIетасар шаьш толлуш хиларх. Консультативан декъан официалан сайтехь бина и хаам пIераскандийнахь.
Прокуратурано дийцарехь, кху шеран Дечкен-баттахь Несарарчу таламчаша бехкзуламан гIуллакх гIаттийра "Мемориалан" офисна цIетасарна а, церан бахам хIаллакбарна а. ГIуллакх долийчхьана шозза кхин дIа ца талла сацамбира, делахь а тIаьхьо юха а листа доладора.
"Карарчу хенахь оцу зуламан гIуллакхна гонах дIахьош талламаш бу. Адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташоно шен куьйгакIел латтош а ду гIуллакх таллар", - аьлла, яздина кехат тIехь.
Дечкен-баттахь муьлш ба ца хуучу наха цIетесира Несарарчу бакъонашларъяран "Мемориал" центан офисех.
Даккхийн зенаш дира хIетахь: егира оргтехника, документаш, чоьнаш.
Масех де цул хьалха лецира Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб, цуьнгара марихуана яьккхина аьлла. Титиевс шена полисхоша тийсина ю аьлла наркотикаш.