ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бухарестехь протесташ йолийна, лазийна нах а бу


Бухарестехь протестан акцехь гулбелла нах
Бухарестехь протестан акцехь гулбелла нах

Бухарестехь протестан гуламашкахь 400 сов стаг лазийна. Iедалхошка даржаш дитийте, парламентан керла харжамаш дIахьор тIедожийна Румыни мел ю гIаттийначу акцешкахь.

Урхалла дечу социал-демократин парти бехкейо цара коррупци лелорна, "Къуйн парти" ю бохуш, бех а еш. Кеп-кепарчу зерашца, дуьхьалонан акцешка арабевлла 60 тIера 100 эзаре стаг.

Бухарестан коьртачу майданахь гулбеллачу протестхоша машенаш совцийна, дIаса ца лоьлуьйтуш. Цул тIаьхьа хих дуьзна шишанаш тIелестадора цара. Коьртачу майданера лехкира полисхоша гулбелларш, бIаьргаш Iийжо газ а, гIовгIане гранаташ а кхуьйсуш. Президенто Йоханнис Клауса емалбина полисхой, чоьхьарчу гIуллакхийн министре жоп дехна хиллачух.

Дозанал а арахьа болх бен румынаш бара протестан инициаторш. Доккхачу декъанна, Европан Малхбузехь вехаш ву кхаа миллионна тIера пхеа миллионе гергга Румынин вахархо. Шайн махкахь болх а, некъ а ца карорна, кхечу пачхьалкхашкахь деха шаьш аьлла, дIахьедина царех дукхахболучара.

2014-чу шерахь президентан харжамашкахь туьйлира Йоханнис Клаус. Кхечу пачхьалкхара диаспора бахьана долуш толам баьккхина олуш ду Йоханниса.

2016-чу шарахь парламентан харжамашкахь хьалхе яьккхира социал-демократаша. Президентан агIончаша бехкебо социал-демократаш пачхьалкхехь коррупци яржорна.

Ткъа социал-демократаша дIахьедо, президенто Iедалехь харцонаш лелайо бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG