ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна Европан кхеле арздина Украинас


Страсбургера ЕСПЧ-н гIишло

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ) иск чуелла Киево, Оьрсийчохь набахтешкахь латточу шайн бахархойн бакъонаш талхийна хиларх латкъам беш. Фейсбукерчу шен аккаунтехь хаамбина цунах лаьцна юстицин министран гIовсо, ЕСПЧ-н векало Лищин Ивана. Цо бахарехь, вуьйцург ву 71 политикан тутмакх.

Киево Москох бехкейо, адамийн бакъонийн Конвенцин артиклаш ца ларарна, доккхачу декъанна, къизаллаш ца лелаяйтар, шена хетарг алар дехкарх. Байначу беттан чакхенехь Европан кхело кхайкхамбира оьрсийн Iедалхошка, украинхойн режиссерна Сенцов Олегна оьшшу дарба кхачаде аьлла. Лабытнанши гIаларчу колонехь Сенцовс мацалла кхайкхийна Стигалкъекъа-беттан 14-чохь дуьйна.

Карарчу хенахь Европан кхеле Оьрсийчоьнна дуьхьал пхи латкъам бина Украинас. Шиъ - аннекси йинчу ГIирмехь адамийн бакъонаш хьешарх ю, кхоъ Донбассерчу хьолах лаьцна.

Оьрсийчоьно масийттазза дIахьедира, шайн пачхьалкхехь политикан тутмакхаш бац, зуламан кодексан гурашкахь лецнарш бу аьлла.

XS
SM
MD
LG