ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн бакъонашларъярхой байина исс шо дуьзи


Бакъонашларъярхой Садулаева Зарема а, Джабраилов Алик а

Марсхьокху-беттан 11-чохь 9 шо дуьзи Соьлжа-ГIаларчу Заводской олучу кIоштахь дийна карийна нохчийн бакъонашларъярхой, кегийрхойн "Спасем поколение" Iедалца йозуш йоцчу организацин белхахой - зудий, майрий Садулаева Зарема а, Джабраилов Алик а. Герзаш диттина дина и шиъ аьлла, дIакхайкхийра махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Бакъонашларъяран "Мемориал" организацино дIахьедира, муьлш бу цахуучу наха шайн организацин офис чуьра дIадигинера и шиъ, аьлла.

ТIеман хенахь зенаш хиллачу дайшна, наношна а, церан доьзалшна а гIо латтош яра "Спасем поколение" организаци.

ХIусамда а, зуда а дийра бакъонашларъярхо Эсемирова Наталья йийна бутт баьллачул тIаьхьа.

Цхьа а гIуллакх теллина, зуламхой жоьпалле озийна бац тахана а.

XS
SM
MD
LG