Оьрсийчохь хан тоьхна Украинан режиссер Сенцов Олег ша волчу Лабытнангерчу колонера араваьлла вац аьлла, хаамбина таIзарш кхочушдаран системан федералан урхалло (ФСИН). Шоьтан буса зорбанашкахь хаам баржийра, Сенцов колонера ара а ваьккхина, Салехардера доьдучу кеман тIе хиина аьлла. Журналисто Ивлева Викторияс шен Фейсбукерчу пена тIехь бинчу хаамна тIе а тевжина, яржийра информаци хаамийн гIирсаша.
Сенцовна гIо латточу кампанехь ю Ивлева. ТIаьхьо шен кхи информаци яц аьлла, яздира журналисто. "Со шеконашкахь ю, цунах бийлархьама хIоттийна кеп ю и аьлла", - яздина Ивлевас.
Хьалхо Сенцовн адвокато Динзе Юрийс элира, цуьнан могушаллехь хилаза ца болу хийцамаш хила тарло аьлла.
Стигалкъекъа-беттан 14-чохь дуьйнна набахтехь мацалла кхайкхийна режиссеро, Оьрсийчохь политикан бух тIехь чохь латтош болу тутмакхаш дIахецар тIе а дожош.
Аннекси йинчу ГIирмехь теракташ кечдина цо аьлла, бехкала воьллина Сенцов Олег Оьрсийчоьнан Iедалша. Бехк тIе ца буьту режиссеро.