ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен цIе хьешийта лууш вац Кадыров


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

«Машук-2018» кегийрхойн форумехь хилира Къилбаседа Кавказан федералан гонехь векал Матовников Александр а, регионера куьйгалхой а. Царна юкъахь вара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

Лараме хьеший сцени тIе кхайкхича ша тайпа хилам хилира. Хьешашна дIахIитта меттигаш билгалйохуш цIенкъахь церан фамилеш тIехь йолу кехаташ летийна хиллера форум вовшахохархоша.

Ша сцени тIе ваьлча, Кадыров Рамзана, меллаша когаш кIеллара схьаяьккхира шен цIе а, фамили а тIехь йолу тӀелатор (кехат). Амма хьовсархочех цхьаммо видео яьккхина хиллера цо иза деш. И видео сихонца дIасаяьржира социалан машанашкахь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан секретарна Керимов Iаьлвина хетарехь, цу тайпа мероприятеш кечйечу наха, ойла а еш, дан деза шаьш дийриг, яздо «Чечня Сегодня» агенталло.

Керимовс билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьнан турпахойн цIераш ша тайпа ларам болуш лело еза. Цунна хетарехь, форумехь дакъалоцучу кегийрхоша, бакъдолуш, "даггара лору Ахьмад-Хьаьжа а, Рамзан Ахматович а, амма цхьаммо а ца аьлла царга, когашна кIелла Оьрсийчоьнан турпалхойн цIераш лето мегар дац аьлла, ткъа циггахь лаьтташ Оьрсийчоьнан Турпалхо, СКФО-хь векал волу Матовников Александр а ма вара", тIетоьхна Керимовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG