ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Листьев вейтинарг Березовский ву, боху журналисто Захаровс


Березовский Борис.
Березовский Борис.

Тележурналист а, телепрограммаш дIаяхьархьо а, продюсер а волчу Захаров Дмитрийс, 1995-чу шарахь вийна волчу Хьалхарчу каналан инарлин директоран Листьев Владиславан хиллачу белхан накъосто, аьлла и зулам дайтинарг карарчу ханахь дийна воцу олигарх Березовский Борис вара аьлла. Цунах лаьцна цо хаам бина MixTV телеканалана ша еллачу интервьюхь, хаам бо Lenta.ru сайто.

Захаровна хетарехь, Листьев вер доьзна дара реклама эфирехь дIахIоттош телеканалан куьйгаллан монополи хиларца.

Захаровс дийцарехь, дерриг "вуно гуш дара, талла оьшуш хIума доцуш". Листьевс лелош дерг бахьана долуш телекомпанино йоккхучу 250 миллион доллар сана тIера Березовскийн йовш йолу проценташ екъар дара дуьйцург, боху Захаровс.

Тележурналист а, Оьрсийчоьнан Юкъараллан телевизионан (ОРТ) инарла директор а Листьев вийра Москох иза вехачу цIанна хьалха 1995-чу шарахь Зазадоккху-баттахь. И зулам динарг карийна вац хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG