ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Роумингехь тоьхна зIе тIеэцар мехаза хир ду Оьрсийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Гергарчу хенахь роумингехь тоьхна зIе тIеэцар мехаза хир ду Оьрсийчохь. И бохург ду, мобилан зIенах пайда эцархойн ахча дала дезар дац, Оьрсийчоьнан территорина тIехь шайга телефон тохарна, бохуг.

Хьалха, цхьайолчу мобилан компанеша минотах 5 сом даккхара, зIе тохар тIеэцарна.

Мобилан телефонан зIенан операторийн векалша дийцарехь, керлачу хьелашна уьш тIебовлар хIинцале а дIадоьдуш ду. ЛадегIарехь, Марсхьокху-бутт чекхболуш и болх дIабоьрзур бу. Цул тIаьхьа роумингехь тоьхна зIе тIеэцар мехаза хир ду Оьрсийчохь.

Балгалдаккха деза, коьртачу декъана иза хьакхалуш хилар, Нохчийчохь жигара болх беш йолчу МТС а, "Билайн" а, "Мегафон" а ткъа иштта "Tele2" а компанех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG