ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIарли-Дэвидсонан" сурсаташна бойкот ян дагахь болчарна тIехIоьттина Трамп


"ХIарли-Дэвидсон" мотоциклш юхку туька, Манг.1, 2018, Кеноша, Висконсин штат.
"ХIарли-Дэвидсон" мотоциклш юхку туька, Манг.1, 2018, Кеноша, Висконсин штат.

Iамеркан президент Трамп Доналд тIехIоьттина шен заводаш кхечу пачхьалкхе дехьа яха дагахь йолчу "ХIарли-Дэвидсон" компанин сурсаташна бойкот ян дагахь болчу шайн махкахошна.

Висконсин штатехь куп тоьхна йолчу "ХIарли - Дэвидсон" компанин векалша хьалхо дIахьедар динера, Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашкахь йохка мотоциклш яр Iамеркера кхечу пачхьалкхашкахь йолчу заводашка дехьадаккха дагахь ду шаьш аьлла. Цу гIулчан Iалашо ю Iамерко оьцучу болатна а, алюминийна а ял яккхар юкъадаккхарна дуьхьал Евроберто кхайкхийначу ял яларна кIелхьаhдовла гIортар.

Компанино бинчу хамца, Iамеркера заводаш дехьа ца яхахь царна эшам хир бу 100 миллион гергга доллар.

Трампана хетарехь, ял яла дезаш хилар бахьана бен дац. Цо чIагIдарехь, и тарифаш юкъаяхале дуьйна яра компани шен заводийн цхьадолу дакъош Таиланде дехьа даха дагахь.

Трампа дийцарехь, цуьнан администраци дийцарш дIахьош ю, шайн заводаш Iамерке сехьа яха лаам болчу кхечу пачхьалкхашкарчу мотоциклш ечу компанешца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG