ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Листьев верца йоьзна Захаровн верси харцйина журналисто Политковскийс


Политковский Александр.
Политковский Александр.

Журналисто, "Взгляд" программа дIахьош хиллачех цхьаъ волчу Политковский Александра комментари йина шен белхан накъосто Захаров Дмитрийс, 1995-чу шарахь Листьев Владислав вейтинарг карарчу ханахь дийна воцу олигарх Березовский Борис вара аьлла ялийначу версина.

Политковскийс РЕН ТВ телеканалана дийцарехь, иза яьржина теори яра. И верси хила тарлуш ю. Амма, Политковскийна хетарехь, атта дара махкара веддачу Березовскийна иза тIетатта. Цо чIагIдарехь, телеэфирехь реклама алсам яларх лаьцна сацам беш верг Листьев вацара, директорийн кхеташо яра. "Цундела Листьевна герз тохар, телевизорна герз деттар санна хIума дара".

Политковскийс дIахьедар дарехь, цхьа а таллам бина бац Березовский бехке хилар гойтуш. "Ша цуьнах ца теша", - элира цо.

Тележурналист а, телепрограммаш дIаяхьархьо а, продюсер а волчу Захаров Дмитрийс, 1995-чу шарахь вийна волчу Хьалхарчу каналан инарлин директоран Листьев Владиславан хиллачу белхан накъосто, аьлла и зулам дайтинарг карарчу ханахь дийна воцу олигарх Березовский Борис вара аьлла. Цунах лаьцна цо хаам бира MixTV телеканалана ша еллачу интервьюхь.

Захаровна хетарехь, Листьев вер доьзна дара реклама эфирехь дIахIоттош телеканалан куьйгаллан монополи хиларца.

Захаровс дийцарехь, дерриг "вуно гуш дара, талла оьшуш хIума доцуш". Листьевс лелош дерг бахьана долуш телекомпанино йоккхучу 250 миллион доллар сана тIера Березовскийн йовш йолу проценташ екъар дара дуьйцург, боху Захаровс.

Тележурналист а, Оьрсийчоьнан Юкъараллан телевизионан (ОРТ) инарла директор а Листьев вийра Москох ша вехачу цIанна хьалха 1995-чу шарахь Зазадоккху-баттахь. И зулам динарг карийна вац хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG