ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тюменехь лецна нохчашна гIо дан дагахь ю "Вайнах"


Тюмень.
Тюмень.

Полисхошна а, нохчашна а юкъахь къовсам иккхина хилла Тюменехь кхубеттан 8-чохь. Тура хина тIехула дехьаваларехь болх беш болу нохчий а, кхо полисхо а ву леттарг, хаам бо "Кавказ.Реалиино".

И бахьана долуш цхьа стаг полисхочо тапча тоьхна лазийна, реанимаце а кхачийна цхьа полисхо.

Дов даьллачу метте кхаьчначу полицин лерринчу тобано лаьцна дIавигина масийтта нохчо. Уьш талламан изоляторехь бу. Кхечу хаамца, лаьцнарг ву Сулейманов фамили йолу стаг а, цуьнан кIант а.

Меттигерчу "Вайнах" юкъараллан къанойн кхеташонан куьйгалхочочунна Мусалиев Iалбек-Хьаьжина хетарехь, хилларг харцхьа лелар а бен дац, ткъа цу къовсам эккхарх "къаьмнийн юкъаметтигашца доьзна хаттар дан оьшуш дац".

Мусалиевс дийцарехь, цхьа "нах, мах а ца луш, дехьабовла гIоьртина. Уьш чекх ца бовлийтина, амма иза къаьмнийн юкъаметтигашца доьзна хаттар дац.

Мусалиевс бинчу хаамца, дIалаьцначу нохчашна оьшуш долу гIо дан дагахь ю нохчийн диаспора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG