ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цоцин-Эвлахь къола дарна къера хилла ши жима стаг


Куршлойн кIоштарчу талламхоша дIадерзийна Цоцин-Эвларчу шина стага къола дар хьокъехь долийна бехктакхаман гIуллакх таллар. 29 а, 19 а шераш долу ши жима стаг ву жоьпе озийнарг.

Стохка Цоцин-Юьртахь, нехан чу а ваьлла, 406 эзар сом гергга мах хир болу хIуманаш яьхьна хилла цу шиммо. Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, царна юкъахь ю зударий хIуманаш а, пхьегIаш а, чамданаш а.

Болчу хаамца, таллам дIахьош и ши стаг къера хилла динчунна. Цхьана декъанна дина зе меттахIоттош ахча а делла цу шиммо. Талор дарна хIоранна а 6 шо хан тоха мегаш ю шина курхалчана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG