ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Културан бIе сов гIуллакххочо гIортор йина Сенцовна


Сенцов Олег.
Сенцов Олег.

ДуьнентIехь а вевзаш волчу бIе сов культуран гIуллакххочо гIортор йина Оьрсийчуьрчу набахтехь мацалла хьоьгуш волчу Украинерчу режиссерна Сенцов Олегана. Цара кхайкхам бина Евробертан а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан а официалан белхахошка Оьрсийчоьнан Iаткъам баре, тутмакх сиханца дIахецийта.

Културан гIуллакххойн кхайкхам зорбане баьккхина Францерчу Le Monde зорбанан гIирсо.

Украинера режиссер, 20 шо хан а тоьхна, чувоьллина ву Оьрсийчохь, Кремло дIалаьцначу ГIирмехь терроран акташ ян дагахь хилла аьлла бехке а вина. И бехк шена тIе ца оьцу Сенцовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG