ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

200 000 сов нохчийн маттахь артикл зорбане яьлла Википедехь


Нохчийн Википедин агIо, скриншот.
Нохчийн Википедин агIо, скриншот.

Википедин нохчийн маттахь долу дакъа тIехдаьлла 200 000 артиклална. Иза тоьшалла ду иза уггаре доккха а, сиха кхуьуш а дакъа хиларан, Советан пачхьалкхан юкъахь хиллачу къаьмнийн меттанашна юкъахь.

Оццу Википедехь бинчу хаамца, 200 000-гIа ю Мисарбиев СаьIида язйина «Ланцет» це йолу артикл.

Нохчийн Википеди кхоьллина 2005-чу шарахь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь. Лелош йолу графика ю кириллица.

2015-чу шарахь цу тIехь дIахIоттийнера 100 000 артикл. 2014-чу шарахь дуьйна, Оьрсийн Википеди дIаяьллачул тIаьхьа, шолгIачу меттехь ю Нохчийн Википеди Советан пачхьалкхан юкъахь хиллачу къаьмнийн меттанашна юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG