ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Салахьа низам дохорах полице хаам бина "Ливерпуло"  


Салахь Мохьаммед.
Салахь Мохьаммед.

Ингалсан "Ливерпул" футболан клубо хаам бина шен ловзархочо низам дохорах лаьцна. Цуьнан куьйгалхоша полице хьажийна, Салахь Мохьаммеда, низам а дохош, машенна урхалла деш яьккхина видео.

Машенна хьалха хиина а волуш, гонах бевлла фанаташ боллушехь, телефонехула хаам язбина цо. "Ливерпулан" администрацин векалша чIагIдарехь, полици латкъам цара бина, Салахьца къамел динчул тIаьхьа. Иза варе вина цара шаьш дийриг хьокъехь а, цуьнан хир йолу тIаьхьалонийн хьокъехь а, хаам бо «Лента» сайто.

26 шо долу Салахь Ливерпулехь ловзуш ву стохка Мангалан-баттахь дуьйна. Цу хенахь Мисарара кхиаме футболхо ийцира, 42 миллион евро а делла. Кху сезонехь Салахь тоьлла футболхо лерина Ингалсан премьер-лигехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG