ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркерчу електроникана бойкот йийр ю ЭрдохIана


Туркойчоь -- Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп, Анкара, Марс. 14, 2018
Туркойчоь -- Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп, Анкара, Марс. 14, 2018

Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа дIахьедар дина, Iамеркерчу электроникана бойкот ярх лаьцна. Цу кепара Анкарано жоп лур ду Вашингтоно "экономикан" тIом кхайкхорна дуьхьал, аьлла президенто.

Туркойчоьнан коьртачу гIалахь шен АК партин гуламехь вистхуьлуш, ЭрдохIана билгалдаьккхира, Iамерко экономикан сферехь еш йолу агресси Туркойчоьнах хилла ца Iаш хьакхалуш ю кхечу пачхьалкхех а аьлла, масала Оьрсийчоьнах а, Китайх а, Канадех а.

Президентана ЭрдохIанна хетарехь,лира дайдалар Туркойчоьно дIахьош йолчу йозуш йоцучу политикана дуьхаьл хьажийна акци ю. ХIара шо доладелчхьана туркойн къоман валюта дайделла 45 процентана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG