ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьне стиглара бIаьргтоха лууш ю Iамерка


Архивера сурт.

Оьрсийчоьнца цхьана дIахьош йолу "Схьайиллина стигал" программана хьажийна ахча далар сацийна Вашингтоно. Шина пачхьалкхо бинчу бартаца а догIуш, тергам беш кеманаш лелуьйтуш дара Оьрсийчоьнна а, Цхьаьнатоьхначу Штаташна а тIехула. Цунах лаьцна яздо РБК-но.

Хьалхо президенто Трамп Доналда тIеман бюджет тIеийцира. Цунна юкъахь хьахош яц "Схьайиллина стигал" программа. Бахьана ду Оьрсийчоьно шена цу программо тIедохкуш долу декхарш кхочуш деш ца хилар.

Ша аьлча, Вашингтонна хета, Москохо сацо деза аьлла, Евробертана а, Iамеркана а тIехула лелаш талламан хьашташ кхочущ дар а, инфрацIен гойтургаш ца лелор а, иштта дIа кхин а.

Цул сов Вашингтон лаам болуш ю стиглара бIаьргтоха Москохна а, Калиниградан кIоштана а, Нохчийчоьнна а, ткъа иштта Абхазица а, Къилба ХIирийчоьнца а доза долчу кIоштанашна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG