ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конгрессо арахецна Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш чIагIъярх лаьцначу низаман проект


 Iамерка, Вашингтон, Конгресс.
Iамерка, Вашингтон, Конгресс.

Iамеркан Конгрессан сайта тIехь шинарин дийнахь документ арахецна, Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна сакцеш чIагIъярх лаьцна долу. Иза хьалхо кечдинера Республикан а, Демократин а шина партерчу сенаторша, шайн коьртехь сенатор Грэм Линдси а волуш.

Цу документан цIе ю "Кремлан агрессех Iамеркан кхерамазалла ларъяр" аьлла. Иза кечдинера Iамеркан президент Трамп Доналд Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца ХIелсинкехь Товбеца-беттан 16-чохь цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.

Цу документана тIехь ду политикан дIахьедарш а, ткъа и штта Оьрсийчоьно лелочунна дуьхьал яха езаш йолу гIулчаш йийцар а.

Цу низаман проектана тIехь дуьйцуш ду Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси яр Цхьаьнатоьхначу Штаташа къобул деш ца хилар а (1940-чу шарахь Советан Пачхьалкхо Балтера пачхьалкхаш дIалацар къобул деш ца хиларца доьзна кечдина хиллачу документан кепехь).

Цу документо доьхкуш ду Iамеркан администрацина НАТО-на юкъаръялар Iалашонца гIулчаш яхар.

Низаман проектца а догIуш, иза тIеэцна 180 де далале, Iамеркан президенто санкцеш кхайкхо езаш ю "Оьрсийчоьнан президентан лаам чекхбоккхуш коррупцин гIулчаш йохучу политикашна а, олигархашна а, кхин болчу нахана а дуьхьал".

Санкцеш кхайкхо езаш ю иштта цу нехан доьзалхошна а, Путинца йоьзначу вовшахтохараллашна а.

Низам тIеэцна 90 де далале пачхьалкхан секретаро хаам бан безар бу Конгрессе "терроризман спонсор йолу пачхьалкх" олучу критерешца йогIуш ю Оьрсийчоь я яц бохучух лаьцна.

И низаман проект йийцаре маца йийр ю хууш дац. Оьрсийчоьнна санкцеш кхайкхорах лаьцна цул хьалха хилла проект, берш аьлча санна конгрессменаша гIортор а еш, тIеийцира стохка Конгрессан шина а чоьно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG