ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тешаш лебеш бу Титиевн кхелехь


Титиев Оюб.
Титиев Оюб.

Титиев Оюбан гIуллакхехула рогIера кхеташо ю дIахьош Шеларчу суьдехь. Цунах лаьцна хаам бина "Чечня сегодня" агенталло.

Суьдхоша лебеш бу Титиевс зулам дина хиларан тешаш хIиттийна нах. "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо бехке веш ву шен машенахь кIомал лелорна.

Таханлера кхеташо йолаелла ГИБДД олучу некъан полицин белхахо Демельханов Иляс леварца.

Кхелан хеташонехь бу Титиевн гергарнаш а, журналисташ а, юкъараллийн жигархой а. Цул сов, Шела веана хьалха хиллачу кхеташонашкахь дакъалаьцна воцу бакъонашларъярхочуьнан адвокат Новиков Илья.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG