ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу мухIажирийн берашна хьажийна беш йина ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчуьрчу мухIажирашна хьажийна берийн беш схьайиллина ГIалгIайчохь. Иза йина Яндарехь. Цу эвлахь тахана а бехаш бу шолгIа тIом болабелча Нохчийчуьра арабевлла мухIажираш.

Беш схьеллар хьокъехь хиллачу цхьанакхетарехь дакъалоцуш хиллачу гIалгIайн куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека бинчу хаамца, карарчу хенахь цу республикехь еш ю 16 берийн беш. Царах 11 йина ер йолуш ю 2018-чу шарахь. Цу кепара кху шарахь школе даха хан кхачанза долчу берашна хьажийна бешаш схьайоьллур ю цкъа а уьш ца хиллачу Кантышевохь а, Керлачу Редантехь а, Сагопшехь, Юккъерчу Ачалукехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG