ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СемаIашкахь адамаш дайарна бехке лору инарла Романов вазвийр ву Нохчийчохь


Инарла Романов.
Инарла Романов.

Росгвардин Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхоша дIахьедар дина, инарла-полковникан Романов Анатолийн 70 шо кхачар даздеш шаьш шуьйра мероприятеш дIаяхьа лерина хиларх лаьцна, яздо Кавказ.Реалиино.

Болчу хаамца, тIебогIучу беттан 27-чохь Соьлж-ГIаларчу корьртачу килсехь литурги йийр ю генералан могашаллан тIера. Оццу дийнахь цуьнан сий деш хIоттор йолчу концертехь хелхарш дийра ду "Вайнах" ансамбло.

Инарла Романов буьйранчалла душ вара Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнан эскаршна 1995-чу шарахь СемаIашкахь цара бIе сов маьрша вахархо вуьйш. Цхьаболху хаамашца, цу нехан терахь ду 300 гергга.

Оццу шарахь ГIадужу-баттахь (Октябрь) инарла вен гIоьртира, Соьлж-ГIаларчу Минутка майданна гергахь йолчу тоннел чохь фугас а эккхийтина.

Романовна еза чов йира. Цу хенахь дуьйна, корта борна меттах хьалуш а воцуш, вист а ца хилалуш Iуьллуш ву иза. И стаг латтош ву Москох Оьрсийчоьнан къоман гвардин эскаран коьртачу тIеман клиникехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG