ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Темерхановх турпалхо ван гIертар емалдина Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана емалдина Омскан дарбанан хIусамехь веллачу Буданов Юрий верна чувоьллина хиллачу Темерханов Юсупах турпалхо ван гIертар, хаам бо Кавказ.Реалиино. Ша эргIадвахар гайтина цо оршотан дийнахь Соьлж-ГIала йиллина 200 шо кхачар даздаран вовшахтохаран комитетан кхеташонехь.

Темерханов валарна гонаха леррина дIахьош пиар-кампани ю, ша бен тутмакхана гIо деш цхьа а ца хиллехь а, боху республикан куьйгалхочо.

Кадыровс дIахьедар дина Нохчийчуьрчу Iедалша дина гIуллакхаш лахдина дуьйцуш ду, цара "эзарнаш а, бIеннаш эзарнаш а адамаш кIелхьардаьхнехь а". Изза Буданов лаьцна чуволлийтар а шен да Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш хиллера, боху Карыровс.

Кхин а иза эргIадвахийтинарг ду Гелдаганахь тезетахь гинарг. Цига баьхкинарш вовше новкъарло еш, коьртачу декъана шайна реклама ян гIерташ бара, цу бохамах пайда а оьцуш, дийцира республикан куьйгалхочо.

Цуьнца цхьаьна Кадыровс билгалдаьккхира, Темерхановс ша сий долуш стаг хилар гайтар, амма шена тIелаьцна ца хилар Буданов вер. Цо турпалхо ца во цунах, жамI дира Кадыровс, билгалдоккху Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG