ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Омарова Калимат лохуш гIо дийр ду Нохчийчуьрчу министро


Умаров Джамбулат.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Омарова Калимат лохуш накъосталла дар тIедиллина къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министрна Умаров Джамбулатана. Цуьнах лаьцна ша министро хаам бина меттигерчу телевизионехула.

8 шо долу Омарова Калимат яйна Дагестанерчу Каспийскехь дIабаханчу Товбецан-беттан (Июль) 29-чу дийнахь. Кхаллар эца туькана яхана йоI кхин цIа ца еана.

Цу хенахь дуьйна Омарова лоьхуш бу ницкъаллин структурийн белхахой а, орцахбевлла бахархой а. Умаровс бинчу хаамца, дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна, дIаса а ца даржош, йоI лохуш вара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров а.

Шен телевизионехула вистхиларехь Нохчийчуьрчу министро варе бира бер лачкъийна хила мегаш болу нах, йоI сиханца цIаерзо езаш хиларна. Иза дIа ца хецахь я шайна карор бу уьш, я Сийлахьверг тIаьхьакхуьур ву царна, бохуш вара Умаров.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG