ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу ярташкахь тоьаш бац лоьраш


Ярташкахь уггаре а лоьраш тоьаш боцучу Оьрсийчуьрчу регионех цхьаъ ю Нохчийчоь. Цунах лаьцна хаам бина Ерригоьрсийчоьнан халкъан фронт олучу юкъараллан зорбанан сервисо, яздо "Регнум" агенталло.

Иштта Нохчийчуьрчу ярташкарчу хIора 10 эзар вахархочунна ца кхочу 26 лор а бен. Кхин а ледара хьал долуш яц Оьрсийчохь цхьа Кемеровн кIошта бен. Цигахь и терахь ду 24.

Цу кеппара кIезиг бу Нохчийчохь ларйижарий а, кхин болу медицинан юккъерчу тегIанера белхахой а. Цу гайтамехь Оьрсийчохь лахара хьала 4 -чу меттехь ю республика.

Дусташ аьлча, масала Нохчийчоьнан лулах йолчу Къилбаседа ХIирийчохь хIора 10 эзар юьртарчу вахархочунна кхочу 55 гергга лор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG