ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Омарова Калимат карийна яц


Умаров Джамбулат.
Умаров Джамбулат.

Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата дIахьедар дина, Дагестанехь яйна 8 шо долу Омарова Калимат хIинца а карийна яц аьлла. Цунах лаьцна хаам бина "Грозный ТВ"(grozny.tv) сайто.

ДIаяханчу буса хаамаш баьржинера Омарова, Ставрополехь кара а йина, Соьлж-ГIала схьаялийна ю аьлла. Умаровс ша кхеташ вац, боху и эладитанаш хIунда даржош ду. Цунна хетарехь, цхьаъ ву цу бохаман тIехь пиар ян гIерташ.

Нохчийчуьрчу министро кхайкхам бина бахархошка, питана тергал ца деш дита аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Омарова Калимат лохуш накъосталла дар тIедиллина Умаров Джамбулатана. Цуьнах лаьцна ша министро хаам бира меттигерчу телевизионехула.

8 шо долу Омарова Калимат яйна Дагестанерчу Каспийскехь дIабаханчу Товбецан-беттан (Июль) 29-чохь. Цу дийнахь туькана яхана йоI кхин цIа ца еана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG