ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна орден елла Лукашенкос


Беларусь -- Лукашекно Александр а (аььро), Кадыров Рамзан а, Минск, Гезгмашин-бутт (Сентябрь), 25, 2017
Беларусь -- Лукашекно Александр а (аььро), Кадыров Рамзан а, Минск, Гезгмашин-бутт (Сентябрь), 25, 2017

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна Халкъийн доттагIаллан орден елла Беларусин президенто Лукашенко Александара.

"Оьрсийчоьнан Федерацин Нохчийн Республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна Халкъийн доттагIаллан орден елла Беларусьна а, Нохчийн Республикана а юкъахь доттагIаллин юкъаметтигаш чIагIеш а, цхьаьна къахьегар шордеш а доккха дакъалацарна", - яздина ду цу хьокъехь арахецначу документана тIехь.

Кхечу пачхьалкхийн махкахошна луш долу уггаре деза совгIат ду Беларусехь Халкъийн доттагIаллан орден.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG