ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши жима стаг вайна Нохчийчохь


Соьлж-ГIалахь лар йоцуш вайна ши шича 29 шо долу Масаров Расул а, 26 шо долу Масаров Iадлан а, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Дийцарехь, кху Марсхьокху-беттан 12-чу буса и шиъ араваьлла хилла, хьошалгIа ваха дагахь. Амма воьдучу меттехь гучуваьлла вац и шиъ.

Кхечу хаамца, шичой гина Гайрбековн урамехь "Японский дворик" олучу ресторанна хьалха машена хууш.

Синтем байначу гергарчара ши жима стаг схьалохуш гIо дехна полице.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG