ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу къаьмнийн меттанаш лардарна тIехIиттина Туркойчуьрчу юкъараллийн жигархой


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Туркойчохь къаьмнийн иттаннаш вовшахтохараллаша, шайна юкъахь културан центрш а йолуш, хаийтина шаьш дуьхьал хилар Оьрсийчохь тIеэцначу къаьмнийн меттанаш шайн лаамехь Iаморах лаьцначу низамана. Цу кехата тIе куьг таIийна 120 вовшахторалло, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Цу кхайкхаман авторш бу чергазойн а, балкхаройн а, кхарачойн а, нохчийн а, хIирийн а, ногIийн а, гIирман гIезалойн а юкъараллан жигархой. Цара кхайкхам бина Оьрсийчуьрчу къаьмнийн меттанаш лардан тарлоуш йолу ерриг а низамийн механизмех пайда эцахьара аьлла. Шаьш дуьненаюкъарчу инстанцешка довла кийча а ду боху Туркойчуьрчу къаьмнийн векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG