ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов а, Макгрегор а латаре хьажа чувуьту билеташ дIасадоьхкина 3 минотехь


Нурмагомедов Хьабиб.
Нурмагомедов Хьабиб.

Iамеркин Лас-Вегасехь хин долчу Нурмагомедов Хьабибан а, Макгрегор Коноран а UFC 229-н коьрта латаре хьажа чувуьту билеташ дукха сиха доьхкина девлла. Цунах лаьцна хаам бина Dublin Live зорбанан хьастано.

Болчу хаамца, билеташ декъна хилла механ 11 тайпане – 205$ тIера 2205$ кхаччалц. Уьш дIаэцна кхо минот ялале.

Ши спортхо летар волу T-Mobile Arena ю 20 000 адам чутарлуш.

Нурмагомедов а, Макгрегор а, летар ву ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG