ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нухажиевга гIо доьху Волгоградеhчу тумакхаша


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Волгоградан кIоштарчу прокурораша таллам бан беза цигахь талламан изоляторехь латточу наха бинчу латкъамна аьлла, дIахьедар дина Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис.

Полисхошкара никъ бар ловш ду шаьш аьлла, Нухажиевга кехат яздина цигахь талламан изоляторехь чувоьллина латточу меттигерчу вахархочо Юшкин Игора, хаам бо Kavkaz.mk.ru сайто.

Цо дийцарехь, вуно Iазап ловш ву цу чохь Нохчийчоьнан махкахо Уцаев Валид. Нохчийчуьрчу омбудсмене даийтинчу кехата тIехь дуьйцуш ду, цунна, боцу бехк тIеэцийта гIерташ, 9 дийнахь йиттина хиларх лаьцна, куьг а кагдеш. Эххаре а нохчочо шена тIаьлаьцначух тера ду ша дина доцу зулам.

Дийцарехь, хьалхо талламан изоляторехь ирхоллавелла Уцаевн доттагIех цхьаъ. Цу стага кехат дитина, шена тIехь Iазап лелийна харц тоьшаллаш дайтина шега Уцаевна дуьхьал аьлла.

Юшкина дийцарехь, харц бехктакхаман гIуллакх а долийна, боцу бехк тIеэца бохуш хьийзош ву ша иза а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG