ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан парламенто доттагIаллин тоба кхуллур ю Госдуман декъашхошца


Туркойчоьнан парламент. Гайтаман сурт.
Туркойчоьнан парламент. Гайтаман сурт.

Оьрсийчуьрчу Пачхьалкхан Думан депутаташца цхьаьна доттагIаллин тоба кхуллур ю туркойн парламенто. Цунах лаьцна хаам бина Хонкарахь визитаца хиллачу Госдуман спикеро Володин Вячеслава, хаам бо РИА Новости агенталло.

"Пачхьалкхан Думехь Туркойчоьнан парламентца доттагIалла лело тоба ю, амма церан иза яц. ХIинца сацам бина иза кхолла – и хаттар дийцаре дира цхьаьнакхетарехь – цу тайпа тоба кхуллур ю", - аьлла Володина журналисташка.

"Чечня сегодня" сайто билгалдоккху Володина куьйгалла дечу Оьрсийчоьнан парламентан тобанна юкъахь Нохчийн Республикан цIарах Госдуман депутат волу Саралиев Шамсаил хилла хилар.

Шотдийнахь Госдумен спикеро дакъалецира Туркойчохь Iедалехь йолчу Нийсонан а, кхиаман а партин гуламехь. Цигахь цуьнца цхьаьнакхийтира и парти кхоьллина волу президент ЭрдохIан Реджеп.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG